Литературный вечер

19.12.2022

Литературни суьйре "Сан хьоме книжка" д1айаьхьира √10 йолчу йуккъерчу школехь. Йийцаре йира Виситаева Туманин "Цхьаллин есаллехь" Цхьанакхетар кечдинера школан библиотекарша Болтакаева Иманис а, Румисас. Иштта цу цхьанакхетарехь дакъалецира нохчийн меттан хьехархоша а, 10-чу классан дешархоша а. Гуларан автора,  школан арахецархочо, йаздархойн союзан декъашхочо Виситаева Туманис дийцира шен  кхоллараллех лаьцна, иштта кхачаме жоьпаш делира дешархоша деллачу хаттаршна.